Бекалахь ненан мотт, машар а кхайкхош! 25 апрель – нохчийн меттан де.

25.04.2015

 Дала  деллачу  не1матех  уггаре  коьртаниг  адамийн  мотт  бу. Мотт къоман  са а, цуьнан  деган  куьзга  а  ду. Маттехула  бен  хила  йиш  яц халкъан  дика а , вон  а, халкъан  тезет а, синкъерам а ,халкъан  г1иллакхаш.-Кхечу къаьмнех тардала г1ертачу я цхьаннах а тера ца хила г1ертачу къоман оьмар йоца хуьлу. Шен 1адател а нехан 1адаташ г1оле хетта стаг ахмостаг1 ву.Селхане йоцчу къоман кхане янне а яц !Хьо муьлха къоман векал ву къасточех, уггар коьртачех цхьаъ, – мотт бу. Хьуна, я хьан берана нохчийн мотт ца хаахь, хьо француз, испанхо милла кхиверг а ву, нохчи вац.